Популярное

Музыка Кино и Анимация Автомобили Животные Спорт Путешествия Игры Юмор

Интересные видео

2025 Сериалы Трейлеры Новости Как сделать Видеоуроки Diy своими руками

Топ запросов

смотреть а4 schoolboy runaway турецкий сериал смотреть мультфильмы эдисон
dTub
Скачать

«Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу Регионан этнографин диктант дӀайахьаран жамӀаш.

Автор: Нохчийн меттан институт

Загружено: 2025-03-06

Просмотров: 22

Описание:

Ламаст хилла дӀахӀоьттина Нохчийн меттан институто хӀора шарахь Дуьненайукъарчу ненан меттан денна а, Нохчийн меттан денна а лерина Регионан этнографин диктант дӀайахьар. Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана боккха тидам тӀебохуьйту нохчийн мотт кхиорна. Цо билгалдаьккхина: «Нохчийн мотт – иза къоман са ду. Мотт дийна мел бу, деха халкъан иэс, кхетам, амал, синмехаллаш. Шен мотт дӀатесча, бицбича, лар йоцуш, доьза дов халкъ».
Нохчийн Республикин йукъардешаран, йуккъерчу корматаллин а, лакхарчу а дешаран хьукматашкахь 2025-чу шеран чиллин беттан 27-чу дийнахь дӀайаьхьира «Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу Регионан этнографин диктант (кхидӀа – Диктант). Диктантан чулацамехь 80 тӀедиллар дара.
Диктант вовшахтоха а, дӀайахьа а Нохчийн меттан институто Вовшахтохаран комитет кхоьллинера:

Овхадов Рукъманан Муса – Нохчийн меттан институтан директор, Вовшахтохаран комитетан председатель;
Магамшарипова Мусан Фатима – директоран заместитель, Вовшахтохаран комитетан председателан заместитель;
Абдуразаков ИбрехӀиман Шертбек – дешаран-методикин центран куьйгалхо, Вовшахтохаран комитетан жоьпаллин секретарь;
Арсанукаев Ӏабдуллин Ӏабдул-Бар – хаамийн-хьесапдаран отделан куьйгалхо, Вовшахтохаран комитетан декъашхо;
Тутаева Лечин Сацита – дешаран-методикин центран лакхара Ӏилманан белхахо, Вовшахтохаран комитетан декъашхо;
Хунарикова ХӀаронан ПетӀмат – дешаран-методикин центран лакхара Ӏилманан белхахо, Вовшахтохаран комитетан декъашхо.

Диктантан Ӏалашонаш:
– Нохчийн Республикин дешаран хьукматашкарчу дешархойн а, ткъа иштта шайн лаамехь диктантехь дакъа мел лаьцначун а нохчийн маттах долчу хаарийн тӀегӀа билгалйаккхар;
– диктантан декъашхойн шайн ненан (нохчийн) маттах долчу хаарийн барамах, мехаллех лаьцна ойла кхоллайалийтар а, и хаарш лакхадаха церан лаам алсамбаккхар а;
– эхь-бехкан а, гуманизман а, патриотизман а буха тӀехь граждански йукъаралла кхоллар.

Диктант йазйеш жигара дакъалецира 33844 стага.
Царах: 12838 боьрша стаг, 21006 зуда.
Диктантан декъашхойн хан (шераш):
• 14 – 25 шо – 24209 стаг;
• 26 –50 шо – 6800 стаг;
• 50 шарал сов – 2835 стаг.
Диктантан жамӀийн йукъара балл – 66,5.

Йукъардешаран хьукматашкара Диктантехь дакъалецира 32937 стага.
Царах: 12538 боьрша стаг, 20399 зуда.
Диктантан декъашхойн хан (шераш):
• 14 – 25 шо – 23398 стаг;
• 26 –50 шо – 6734 стаг;
• 50 шарал сов – 2805 стаг.
Диктантан жамӀийн йукъара балл – 63,5.

Йуккъерчу корматаллин а, лакхарчу а дешаран хьукматашкара Диктантехь дакъалецира 907 стага.
Царах: 300 боьрша стаг, 607 зуда.
Диктантан декъашхойн хан (шераш):
• 14 – 25 шо – 811 стаг;
• 26 –50 шо – 66 стаг;
• 50 шарал сов – 30 стаг.
Диктантан жамӀийн йукъара балл – 67,5.

Диктантан декъашхоша шайна ненан мотт безар, шайн цуьнга марзо хилар гайтира. Хьалха хӀиттийнчу хаттаршна кхоччучу барамехь жоьпаш делира дукхахболчара.
Ненан мотт Диктантан декъашхошна бевзаш, безаш хилар бӀаьрла дара цара кхочушбинчу белхаш тӀехь.
ТӀаьхьарчу хенахь вайн махкахь ненан мотт Ӏаморна а, кхиорна а оьшу хьелаш тодеш ду. Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана ма-аллара: «Муьлххачу а йукъараллин декхар ду шен ненан мотт Ӏалашбар, кхиор, тӀекхуьуш йолчу тӀаьхьенашка халкъан синхазна дӀакховдор».

#нохчийнмотт #чечня #чеченскаяреспублика #грозный #ичя #чеченскийязык #даймохк #нохчийн #чеченцы

©️ Нохчийн меттан институт

«Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу Регионан этнографин диктант дӀайахьаран жамӀаш.

Поделиться в:

Доступные форматы для скачивания:

Скачать видео mp4

  • Информация по загрузке:

Скачать аудио mp3

Похожие видео

array(0) { }

© 2025 dtub. Все права защищены.



  • Контакты
  • О нас
  • Политика конфиденциальности



Контакты для правообладателей: [email protected]