9–11-чуй классийн дешархошна йукъахь нохчийн литературин олимпиадин регионан этап.
Автор: Нохчийн меттан институт
Загружено: 2025-02-14
Просмотров: 46
2025 шеран чиллин беттан 13-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь дӀахьош йу 9–11-чуй классийн дешархошна йукъахь нохчийн литературин олимпиадин регионан этап. Олимпиада дӀайахьаран Ӏалашо – дешархойн кхоллараллин говзалла а, нохчийн литературех долу церан хаарш а билгалдахар, похӀма долчу берашна гӀо-накъосталлина оьшу хьелаш кхоллар.
Олимпиада дӀайолайале Нохчийн меттан институте веара Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Буарин Хож-Бауди а, цуьнан заместитель Усманов Рамзанан Ахьмад а. Къовсаман декъашхошка вист а хилла, тӀедахкарш чохь долу пакет схьайиллира Дешаран а, Ӏилманан а министро.
Олимпиадехь дакъалоцуш ву 83 дешархо: муниципальни этапан толамхой а, совгӀатхой а, ткъа иштта дӀадаханчу дешаран шарахь регионан этапехь 1-ра меттиг йаьккхина дешархой а.
Доступные форматы для скачивания:
Скачать видео mp4
-
Информация по загрузке: